С Днём Чеченского языка!

Сегодня, 25 апреля, чеченский народ и все его представители по всему миру поздравляют друг друга с днём родного языка.

Мы присоединяемся к всеобщим поздравлениям!

В этом посте мы приводим несколько слов из мира спорта на нашем любимом чеченском языке.

Лараме махкахой!

25-г1а апрель вайн къоман исторехь мехала терахь ду.
2007-чу шарахь дуьйна НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана Указ даккхарца, вайн махкахь билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де!

Нохчийн къам мел деха а, хилла а, хила а безаш бу нохчийн мотт. Вайн дайша аьлла ду: «Нохчийн мотт – ненан мотт». Адам дуьненчу а даьлла, ша х1ума хааре даьлчахьана, цунна уггар хьалха хезаш берг ненан мотт бу. Ненан маттаца адамна евза доьзаллан мехаллаш, бевза Даймохк, къоман г1иллакх-оьздангалла.

Мотт – иза къоман куьзга ду, къоман са ду. Вай мотт бийцарца, цуьнан ларам барца бен кхуьур бац, 1алаш а балур бац.

НР-н Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къаьсттина доккхачу маьIне лорура нохчийн халкъан мотт, культура, истори Iалашъяран гIуллакхаш. Вайна т1ехь а доккха декхар ду нохчийн мотт кхио а, 1алашбан а, т1екхуьучу т1аьхьене шен ц1еналлица, аьхналлица и д1акховдо. Дала ницкъ а, хьекъал а лойла вайна нохчийн мотт ларбан а, кхио а! Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

#ненанмотт