+7 (8712) 22-40-51
Герб Чеченской РеспубликиМинистерство Чеченской Республики
по физической культуре и спортуМИНСПОРТ ЧР
Новости министерства

Нохчийн Республикин Минспорто 350 сов гIуллакхан кехат дIадахьийтина нохчийн маттахь

Все новости
Нохчийн Республикин Минспорто 350 сов гIуллакхан кехат дIадахьийтина нохчийн маттахь

Вайна ма-хаъара карара шо Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указаца Нохчийн меттан шо ду аьлла дIакхайкхийна ду. Дуккха а вайн маттана пайдехь долу дика гIуллакхаш дина кху шеран гурашкахь. Иза дерриге а хилла Нохчийн Республикин Мехк-Дас нохчийн маттана беш болу тидам бахьанехь. Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствехь министран Ибрагимов Мохьмад-Хьабин Iийсан дIадолорца кху шеран хIутосург баттахь дуьйна йукъадалийна беркате керла хIума ду – республикина чоьхьа гIуллакхан кехаташ нохчийн маттахь дIадахьийтар. И болх тешийна Россин Федерацин Йаздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхочух, гочдархочух Муртазов Iадланах. Кхул хьалха иштта ненан маттахь кехаташ дIадахьийтаран шуьйра практика хилла а йац вайн республикехь. ХIинцале 350 сов кехат ненан маттахь дIадахьийта аьтто баьлла Министерствон.

Цул совнаха, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос «Ларбе мотт» проектан гурашкахь арахецна дожарийн, терахьийн, беснийн, кIиранан денойн, денойн, къаьмнийн, гергарлонийн, беттанийн, Нохчийн Республикин гIаланийн, кIоштийн цIераш, Нохчийн Республикин гимн, нохчийн абат тIехь йолу коллекцин кехаташ а, «Къонахалла» буклет а. Иштта арахецна лерина кхин а кехаташ а, буклеташ а йу.

Министерствон а, цунна йукъайогIучу хьукматийн а официальни бланкаш нисйаран болх бу дIахьош. Нохчийн меттан шарца доьзна кегийрхошна йукъахь масех конкурс а дIайаьхьна Министерствос кху шарахь.

Вайн тешна ду дIахьош болчу оцу балхо нохчийн мотт кхиорна, Iалашбарна йукъа доккха дакъа дуьллург хиларх.

Министерствос оцу декъехь дIахьочу балхал лаьцна мелла а шуьйра довза йиш йу кху тIехьажоргаца: www.grozny-inform.ru/news/express/154033/
 

Поиск по порталу